Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Амазонка (эрк)

0°35′35″ къ. ш. 49°57′22″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Амазонка тӀера хьажжина кхуза)
Амазонка
порт. Amazonas, исп. Amazonas
Сурт
Амал
Бассейн 7 180 000 км²
Хи дайар 220 000 м³/с
ДӀаэхар
Хьост хиш вовшахкхоьтийла: Мараньон, Укаяли
 • Локхалла 110 м
 • Координаташ 4°26′25″ къ. ш. 73°26′50″ м. д.HGЯO
Хикхоче Атлантикин Ӏапказ
 • Локхалла 0 м
 • Координаташ 0°35′35″ къ. ш. 49°57′22″ м. д.HGЯO
Хин охьане 0,016 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Атлантикин Ӏапказ

Пачхьалкхаш
Амазонка (эрк) (Къилба Америка)
хьост
хикхоче
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Амазо́нка (испан.  йа порт. Amazonas) — Къилба Америкин эрк. Кхоллало Мараньон а, Укаяли а хиш вовшехкхетча. Мараньон хин хьостера дохалла — 6992,06 км[3], Апачет хин хьостера — 7000 км гергга, Укаяли хин хьостера 7000 км сов. Амазонка шен уггар дехачохь, Нилца цхьаьна къийсало дуьненан деха охьадоьду хи цӀе йезаш, ткъа иштта бассейнан майданца а, дестарца а дуьненахь уггар доккха хи ду.

Бассейнан майда — 7180 эзар км² (кхин терхьашца 6915 эзар км²). Иза хаъал йоккха йу Ла-Платан эстуари бассейнал (4140 эзар км²) а, Конго ( 3700 эзар км² гергга) бассейнал а.

2011 шарахь дуьненан къовсаман жамӀашца, Амазонка дуьненан Ӏаламан ворхӀ Ӏаламатах цхьаъ лаьрра[4].

Амазонкан бассейнан доккхаха дакъа Бразилин ду, къилба-малхбузан а, малхбузан а кӀошташ — Боливин а, Перун а, Эквадоран а, Колумбин а йу. Дукхах долу дакъа охьадоьдуш ду Амазонкин тогӀе чухула экваторан уллохула субшораллин агӀора, Амазонка Атлантикин Ӏапказах кхета, цигахь кхуллу дуьненахь уггар даккхийчарех дельта (майда 100 эзар км² сов, оцу йукъахь ду дуьненахь уггар доккха охьадоьдучу хин тӀиера гӀайре Маражо).

Амазонкан хи латтадо дукха геннаш; 20 гергга царех дохалла 1500 км сов ду. Уггар даккхийчарех геннаш: аьттунаш — Журуа, Пурус, Мадейра, Тапажос, Шингу; аьрунаш — Иса, Жапура, Риу-Негру.

Бразилин Къоман обсерваторин геофизикан Департаментан хаамца, цхьана агӀора Амазонкица, амма 4 км кӀоргехь, охьадоьдуш ду лаьттан бухахула Хьамза (Hamza) хи. ОхьадагӀаран бараман маххадабо 3 эзар м³/с[5].

Хи дайаран йуккъера барам хин лахенашкахь 220 эзар м³/с (хийцало шеран хенашка хьаьжжина 70 тӀиера 300 эзар м³/с кхаччалц, кхин сов а) гергга бу. Хи охьадагӀаран шеран йуккъера барам 7000 км³ (дуьненан шар тӀехь мелдолу хишшан шеран охьадагӀаран барамах 15 % гергга) гергга бу. ТӀулгаш, гӀум, сацкъар охьахьо — 1 млрд тонн сов. Хи айдалар хин лакха 1400 км хьаладоьду, хикхочехь поророкица цхьаьна айло иза.

Шен геннашца Амазонко кхуллу чоьхьара хин некъийн система, 25 эзар км сов деха ду уьш. Амазонкан коьрта харш кеманаш лелаш ду 4300 км (Андашка кхаччалц) лакха кхаччалц. Манаус гӀала (1690 км хикхочера) кхаччалц хьаладогӀу Ӏапказан кеманаш.

Коьрта порташ (лахара хьала): Белен, Сантарен, Обидус, Манаус (Бразили), Икитос (Перу).

Хин бассейнан майда Австрали майда санна йу. Хи дестар къилбаседан а, къилбан а Амазонкин геннаш тӀехь шеран цхьана хенахь ца хуьлу. Цуо мелла а Амазонкин хин барам цхьана эшшара латтабо, цуьндела иза массо а хенахь дистина ду. Хи дистича бухайоьду шуьйра меттигаш, кхуллу чекх а ца валалуш ишалш.

2017 ш. дац цхьан а транспортан тӀай хин тӀехула.

Къилба Америкехь амазонкин тайпа хиларан хьалхара хаамаш балабо конкистадор де Кесада Гонсало Хименесца Колумбе (июль 1539) йинчу экспедицехь шаьшша дакъалаьцначу паччахьан гуонахьарчу де Сан Мартин Хуана а, де Лебрих Антониос а:

Лагерь Боготан тогӀенехь йолуш тхойга хаам беара цхьаьна, шаьшша Ӏаш болчу шайца индхой [божарий] а боцуш, зударийн халкъах лаьцна; цуьндела оха царех амазонкаш элира. Цара, тхойга иза хаам бинчара дийцарехь, шаьшша эцначу цхьаболчу лайшах доьзалхочух хуьлу, нагахь кӀант хилахь, иза дена дӀавохуьйту, ткъа йоӀ кхиайо шайн республика шорйархьама. Дуьйцу, цара лай лелаво доьзалхочах хилархьама, хилча сихха йухавогӀуьйту ца оьшучу хана, оьшшучу хенахь уьш царна болуш бу.

Де Кесада Хименеса индхойн галдаьллачу хабарх тешна амазонкин паччахьан цӀе Харатива йу, кхин тӀе уьш бехачу кӀоште шен ваша де Кесада Эрнан Перес.

Амазонка карийна конкистадоран де Орельяна Франсискон, дуьххьара европахойх Къилба Америкин уггар шуьйрачухула чекъваьлла волчу. 1542 шеран аьхка цуьнан тобана гина боху гӀарадаьлла амазонкийн тайпа, цаьрца тӀом а бира цара. Тахана боху, уьш йа индхойн зударий хила, божаршна улло хитина тӀом беш, йа йеха месаш йолуш индхой хилла, уьш испанхошна зударий бу моьттина. Йуьхьанца де Орельянан лиира хин шен цӀарах цӀе тилла, амма тӀом сецча ойла а сецира «Амазонка» вариантан тӀехь.

1553 шарахь Амазонка [тайпанан] хи хьахайо «Перун хроника» цӀе йолчу де Леон Сьесан жайнахь:

«Амма хӀинца а деллало, карадо хиш иштта тамашийна даккхий, алсама уьш хета хӀордан айманаш, охьаоьхуш йолу лаьттан тӀехула. Аделантадо Орельянаца [Orillana] чекхбевлла, дукхаха болчу испахоша чагӀ ма дарра, иштта го цунах дерг, Перура къилбаседан хӀордане охьадоьдуш долу хи (оцу хин цӀе йу Амазонка [тайпана хи] (de los Amaзonas), йа Мараньон (del Maranon) — дохала эзар сов лиг ду, ткъа шоралла меттигашкахь 25.»[6]

Дуьххьара европахойх хин дохала охьа хьостера хикхоче охьавагӀана 1639 шарахь португалахо Тейшейра Педру. Цуьнца хиллачу новкъахочо иезуита де Акунья Кристобала зорба тоьхна дуьххьара Амазонки чухула некъбарх.

Флора а, фауна а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Амазонино цецвоккху фаунан а, флоран а бахамца. Йаккхийчу аренашкахь йеха миллион сов тайп-тайпана дийнатийн а, ораматийн а кепаш, и меттиг, цӀаран а доцуш, дуьненан генетикан фонд йу ала мегар ду. Ӏилманчаш чӀагӀдо, 10 км² тропикийн хьаннашкахь 1,5 эзар кепара зезагаш, 750 кепара дитташ, 125 кепара декхашдерш, 400 кепара олхазарш, чот йоцуш букъадаьӀахкйоцу дийнаташ. Дукхах йолу кепаш теллина а йац, йевзаш а йац.

Амазонин догӀанан хьаннаш

Амазонкин бассейнехь йаьржина дуьненахь уггар йоккху тӀуьна тропикийн хьаннаш. Иза шатайпа Ӏаламан кхоллам бийцина фон Гумбольдт Александра шен Къилба Америкехула 1799—1804 шерашкахь лелаш, цуо тиллина цӀе гилея (грекийн маттера «гилестон» — хьун). Даиман сийна йолчу экваторан хьаннийн климат йовха а, тӀуьна а йу; дийнна шарахь температура лаьтта 25-28 °C барамехь, буса а 20 °C охьа ца йолу. ДогӀанан йочанаш кхузахь тамашийна дукха йу: церан шеран барам 2000-4000 мм бу, амма наггахь кхин дукха а йогӀу. Хьун чохь мох ца хуьлу, чӀогӀа мох баьлчи диттийн баххьаш леста. Дуькъачу гӀаш йуккъехула, лианийн машанаш йуккъехула диттийн кондарш кӀела кӀезга серло кхета, ткъа хьийкъина ораматаша хало йо дӀасалела, ориентаци а йохайо. КӀеззиг дӀаваха а, некъ баккха беза.

Оцу меттигийн амалехь ду дуткъа, чехка гӀад кхуьуш, 100 м дахлуш долу лианаш шорта хилар. И ораматаш хьерча гӀодмех а, диттийн геннех а, кондаршка а кхочий дахаран оьшу серло карайо; циггахь уьш йаьржа, заза доккху, стом кхуьу. ХьаладагӀа а, дитташ тӀехь кхаза а царна гӀо до тайп-тайпана хӀуманаш (хьесий, кӀохцалш, баьӀаш). Ораматийн дуьненахь боккъала а инзаре йу Victoria regia, йоккха хинан лили, чӀогӀа онда йу иза адаман дозалла а ловш.

Амазонкин тӀехула Белен кӀоштехула 1933 шарахь некъбинчу Вавилов Николайс, билгалдаккхара, Амазонкин бердашца чӀогӀа дукха кепара пальмаш хилар, уьш цигахь 800 гергга кепара ду. Пальмаш кхуьу йаккхийра тобанашца а, шаьшша а. Цуо йаздора:

«Иза дешан доккхачу маьӀнехь пальмийн пачхьалкх йу. Дуьненахь цхьанхьа а дац оццул тайп-тайпана пальмаш, иштта амплитудан хийцадаларш, кхузахь санна. ЧӀогӀа эффект ло пальман йаккхий тобанаш шайн нийсачу гӀодмашца, къегина, гулйина четаре йа нуьйне стоьмашца. Цара хоттайо шатайпа ландшафт, тропикашкахь цхьанхьа а йоцуш йолу.»[7]:156

Пираньяш

Хишшан уллохьа дукха хьолахь ган тарло капибара — дуьненахь уггар йоккха Ӏуьйшучу экха (йозаллан барам 50 кг гергга), тӀехулара хӀордан хьакханах тера йу иза. Хи мала йогӀуш йолу дийнаташ бердаца ларйо анакондаш — и лаьхьарчий уггар а даккхийра ду кхечарал а, толлу хин чохь а, цу чохь цуьнга кайман а енло. Дукха йолу Амазонин дийнаташ йукъахь йу кхин а, теза хин чухула лела дельфин иния а, нутри (Европехь и экха кхиайо цӀоканан ферманашкахь) а. Амазонкин бердашца ган тарло тапир — дика неканча, 200 кг йеза йоллушехь. Дукха хьолахь иза ша дӀасалела хин йистерчу тачанашкахула. Дуу гӀаш, геннаш, стоьмаш, дуккха а кепара хин ораматаш. Джунглешкарчу кхерамечу дахархойх цхьаъ ду, цицигийн доьзалера уггар а чӀогӀа хи дезачех долу, хин бухахула лелалуш долу ягуар. Индахойн гуарани тайпанаш цунах олу «d’iaguar» — тхо санна.

Амазонкин чохь а, цуьнан геннаш чохь а деха 2 эзар сов кепара чӀерий, вовшех тера а доцуш. Кхузара схьадевлла дукхаха долу гӀарадевлла аквариуман чӀерий — масала, гуппи, меченосцаш, скаляриш, бронякови. Кхузахь бен дац tambaqui чӀерий, цара дуу хин чуоьга каучукийн диттийн хӀуш а, стоьмаш а. Хаало протоптераш — дуьненара тӀаьххьара шинхьасадоӀу чӀерий, иштта цхьа метр беха аравана а, цуо хьалакхоссалой хин чуьра хин тӀехула долчу геннаш тӀиера чхьуьйрагаш лоьцу. Амазонкера уггар а гӀарайаьллачу дийнатех ду пираньяш, дохала 13-40 см долу тамашена дукха дежа чӀерий. Уьш чӀогӀа дера хуьлу. ТӀекхета тарло хих дехьайолуш йолчу йаккхийчу дийнаташна (лаьхьарчашна йа екхашйолчарна). Адамашна а кхераме ду уьш — цӀийн хьожа кхетча, оцу чӀерийн жӀуганаш тӀелета, жижиг поттарчий цергашца схьайохуш даьӀахкаш тӀекхаччалц дӀайуу ижу.

Иштта чӀапакортаболу йай а, хараки а (тӀеххьарниг бу Амазонкин промыслан коьрта чӀара) чӀераш хин тӀехула а хезаш гӀара йоккху. Амазонкин чуьра «йиш лоькху» чӀерийн ойсаралла а, тайп-тайпана хилар а хи кегаделла хилар бахьанехь, чохь кира а, кхаьллеш а йолундела хила тарло. Ишттачу хин чохь чӀерашна са ца го, цундела цара аьзнашца хаам бо[8].

Хин такси

Амазонкин сельва — хийцалурйоцуш экосистема йу, амма цунна дитташ хьакхарна боккха кхерам бу. Уггар чӀогӀа халлакбина Манаусанний, хикхочений йукъахь болу ший а берд. ΧΧ бӀешеран 70-гӀа шерашкахь алссама хьаннийн аренех дожийлаш дира, цуо лаьттан эрозии йира. Оцу меттигашкахь хӀинца йац куьг кхачанза джунглеш. Хьаькхна йа йагийна ораматаш йуха метта хитто гӀертахь а, амма иштта хийцанчу хьуьнхахь дакъий бен дац хьалхалерчу бес-бесарчу кепех.

Хьаннех пайда оьцуш халлакхуьлу дукха кепара ораматаш а, дийнаташ а. ХӀинца наггахь бен ца хаало хешт Ptesonura brasilensis. Къайлайовлу кепашна йукъадагӀна цӀен дитт Rio Palenque а, бразилин палисандр а, шех йеза мебель йен, дика дечиг йолун дела.

Лаьттан бухара хи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бразилехь 4000 метр гергга кӀоргехь Ӏилманчаш гучудаьлла дуьненахь уггар деха лаьттан бухара хи. Хин хьост Андийн кӀажошкара малхбузера малхбалехьа 6 эзар км дахделла Атлантикин Ӏапказан бердашка кхаччалц, мадарра аьлча Амазонка хин бассейнан кӀелахь. ХӀара Ӏилманчийн хаам баьржина 2011 шеран августехь[9][10] Рио-де-Жанейрохь бразилин геофизикан йукъаралло шайн вовшахкхетарехь дӀакхайкхича. Хин официально доцуш[11] цӀе йелла Хьамза (порт. Rio Hamza, инг. Hamza River) и карийначу Ӏилманчана ХӀиндехь винчу Хьамза Валиян (V. Hamza) цӀарах[12], оцуо 45 шарахь сов теллина Амазонка хи[13]. Хьамза ву Рио-де-Жанейрора Къоман обсерваторин белхало, цунна дуьххьара карийна Бразилехула дуьненан чкъоьран тайп-тайпанчу тӀегӀан тӀехула охьадоьду геологин тамашийна а, шакепара а хин системан экземпляр. Ӏилманчо терго йина цхьайолу сейсмотулгӀенаш лагӀйаларан, оцу балхо аьтту бина лаьттан бухахь дукха хи каруо (йуьхьанца иза «лаьттан бухара Ӏапказ» ду моьттинера). Амма кӀоргехь болхбеш йоцучу 241-гӀа маьхкдаьттан буручохь хин температура теллича гучуделира тамашийна (оцу кепарчу кхечу бурунах тера доцуш) иза хийцайалар, цуо аьтту бира гучудаккха лаьттан бухара охьадоьду хи. Талламаш боьдуш а болуш гучуделира, охьадоьду агӀо дӀайаьккхичхьана, Амазонкин (лаьттан тӀехулара) а, Хьамзан (лаьттан бухара) а вовшех чӀогӀа къаьсташ васташ ду, чӀогӀа хаалуш дерг шоралла а, охьадагӀаран сихалла а йу. <!—Амазонкин шоралла цхьанна тӀиера {?} ткъа километре кхаччалц йу, лаьттан бухара Хьамзан шоралла 200—400 {?} километр йу.--> ТӀаккха а, Амазонкин охьадагӀаран сихоллин барам секундехь пхи метр бу, ткъа Хьамзан секундехь 1 миллиметрал меллаша бу[9]. Хьамза чӀогӀа меллаша охьадоьду 4 эзар метров гергга кӀоргехула лаьттан херолашна йукъахула Амазонкица нийсса[13]. Хьалха тоьхна чоьтаца, Хьамзан шоралла кхочу 400 км, ткъа хи дайар 3900 м³/с[14] — иза 2 % гергга ду Амазонкин дебитах. Хьамзан охьадагӀаран сихоллин барам бу шарахь масех метр. Иза меллаша ду ломан шан барамал а[14][15], цундела цунах охьадоьду хи ала мегар ду цхьа билламана[15]. Хьамза Атлантикин Ӏапказах кхета кӀоргехь[16]. Хьамза хин барам бу лакхарчу тӀегӀанара дуралла йолуш[15].

Амазонкин хьаннаш хӀаваан кеман корехула

Иштта долу лаьттан бухара охьадоьду хиш хиларан а, кхолладаран а коьрта роль йу цхьайолчу геологин факторийн. 2007 шарахь гучудаьлла долу лаьттан бухара Ӏапказ кхолладелла Тийна Ӏапказан бухан дакъа лаьттан буха чуозадар (бухадахар), цул тӀехьа кхоллаелла херо континентан пилтано дӀакъовлар бахьанехь. Хи, иштта кӀорге нисделча, хьалагӀерта, амма Тийна Ӏапказан малхбален бердаца кхолладеллачу тамашийначу хьоло, таро ло лаьттан бухарчу Ӏапказан гӀеххьа паргӀата диса. Лаьттан бухара хин Хьамзин хилларг, хийра а, хи чекхдолуьйту охьахевшина породаш таро хин кӀорге бухадагӀа. Малхбузера малхбале кхаччалц долу Латта датӀар, рельефан карстан кепара ду, иза дахделла ду Амазонкин бассейнан къилбаседан дозанца, цуо ловзайо мела а лаьттан бухара Хьамзин хи латторан роль. Хи чекх ца долуьйту геологин породаш хи хьаладагӀа новкъарло йар бахьанехь, хира охьахевшина породаш малхбузера малхбалехьа охьатаьӀна хиларо кхуллу топографин градиент, Хьамза Атлантикин Ӏапказехьа охьадогӀуйтуш. Хьамза санна доцуш, Мексикера Юкатан ахгӀайрен тӀиера 153 километр деха долу лаьттан бухара охьадоьду хи а, Филиппинашкара Puerto Princesa цӀе йолчу Къоман паркера 8,2 километр деха долу лаьттан бухара охьадоьду Cabayugan хи а кхоьллина карстан рельефо. Цара шайн охьадагӀаран агӀо хийцина, карбонатан породаш йашар бахьанехь керла некъ а карийна, кхоллаелла шуьйра лаьттан бухара хинан система.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Bell A. Encyclopædia Britannica (брит. инг.)Encyclopædia Britannica, Inc., 1768.
  2. http://www.cprm.gov.br/pgagem/Manuscripts/seylerp.htm
  3. по данным Национального центра космических исследований Бразилии
  4. New7wonders.com
  5. BuenoLatina. Бразилия: под Амазонкой обнаружена подземная река Хамза (Hamza) Архивйина 2018-11-29 — Wayback Machine
  6. Хроника Перу. Часть Первая. — Киев, 2008 (пер. А. Скромницкий). Архивйина 2012 шеран 9 июлехь
  7. Вавилов Н.И. Пять континентов / Н. И. Вавилов. Под тропиками Азии / А. Н. Краснов. — М.: Мысль, 1987. — 348 с.
  8. Морозов В. П. Занимательная биоакустика. Изд. 2-е, доп., перераб. — М.: Знание, 1987. — 208 с. + 32 с. вкл. — С. 26-30
  9. 1 2 Massive River Found Flowing Beneath the Amazon | International Business Times TV. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 22 январь. Архивйина 2013 шеран 1 февралехь Архивйина 2011-09-25 — Wayback Machine
  10. Scientists find underground river beneath Amazon (2011). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 25 август. Архивйина 2012 шеран 23 ноябрехь
  11. Choi, Charles Q. Underground river discovered beneath Amazon. OurAmazingPlanet. Science on MSNBC (2011 шеран 31 август). — «“The name given to the underground flow is not official,” Hamza said.» Архивйина 2012 шеран 23 ноябрехь
  12. Lehman, Stan Brazil scientists find signs of underground river. Sacramento Bee (2011 шеран 27 август). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 25 август.
  13. 1 2 "Scientists discover underground river running beneath the Amazon". Fox News. 2011-08-25. ТӀекхачаран де: 2011 ш. 25 августехь.{{cite news}}: Википеди:Обслуживание CS1 (дата и год) (ссылка)
  14. 1 2 Daniel Lingenhöhl. Amazonas besitzt mächtigen Zwilling im Untergrund (нем.). Spektrum.de (2011 шеран 26 август). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 февраль. Архивйина 2012 шеран 23 ноябрехь
  15. 1 2 3 Richard Black. Subterranean Amazon river 'is not a river' (инг.). BBC (2011 шеран 27 август). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 30 август. Архивйина 2012 шеран 23 ноябрехь
  16. Underjordisk flod upptäckt(бил-боцу.). SE: Hela Gotland (2011). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 25 август. Архивйина 2012 шеран 23 ноябрехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Географический энциклопедический словарь, М., 1986.
  • Открытие великой реки амазонок. М.: Географгиз, 1963
  • Кравчук П. А. Ӏаламан рекордаш. — Л.: Эрудит, 1993. — 216 с. — 60 000 экз. — ISBN 5-7707-2044-1.