Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Маколей Калкин

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Маколей Калкин
инг. Macaulay Carson Culkin
Маколей Калкин Берлинан кинофестивалехь 2010-чу шарахь
Маколей Калкин Берлинан кинофестивалехь 2010-чу шарахь
Бакъ цӀе Маколей Карсон Калкин
Вина терахь 1980 шеран 26 август({{padleft:1980|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (44 шо)
Вина меттиг Манхэттен, Нью-Йорк, АЦШ
Гражданалла  АЦШ
Говзалла актёр
Карьера 1985—1994
2003 — хӀинц. хенахь
Некъ поп-рок, альтернативный рок
СовгӀаташ «Жима актёр» (1991)
MTV Movie Awards (1992)
IMDb ID 0000346
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Эммин тӀе йаларехь, 1991 шеран 25 август

Маколей Карсон Калкин[1] (инг. Macaulay Carson Culkin; 26 август 1980Манхэттен) — Голливудан исторехь долчу сийлахь берийн актёрех цхьаъ ву, цо коьрта роль ловзийна кху фильмашкахь «Дада Бак» (1989), «ЦӀахь цхьаъ» (1990), «Сан йоӀ» (1991), «ЦӀахь цхьаъ 2: Нью-Йоркехь вайна» (1992), «Дика кӀант» (1993), «Хьал долу Ричи» (1994) а, «АгӀонийн омранча» (1994) а. Цуьнан гӀарайаьлла фильм йу «ЦӀахь цхьаъ» цу чохь цуьнан цӀе йара «Кевин Маккаллистер» аьлла. Дукхах болчу нахана гӀараваьлла вевзаш ву иза цу цӀарца.

Маколей Калкин вина Нью-Йоркехь йолу манхэттен кварталехь, хилла волу бродвейски актёран Кристофер Корнелиус Калкинан а, Патрици Брентрапан а доьзалехь. Маколейн да-нана граждански бракехь Ӏаш дара. ВорхӀ берашна йукъахь кхоалгӀаниг ву иза. Цуьнан виъ ваша ву: Шейн Арлисс (1976), Киран Кайл (1982), Кристиан Патрик (1987) а, Рори Хью (1989) а, ши йиша а: Дакота (1978—2008) а, Куинн Кэй (1984) а. Маколей — Бонни Беделиа актрисин вешин кӀант ву.

Маколей вечу хенахь цуьнан доьзал чӀогӀа хьал долуш дацара. Цуьнан нана телефонисткин болх беш йара, а дас актёрски карьерца Ӏодика йина хилла, и шаберш цIинцIолг квартирехь Ӏаш бара. Маколей католикийн ламасташкахь кхиийна хилла, пхеа шарахь Католикийн школе ихна иза.

Маколейн актёрски дебют 4 шарахь лаьттина. Цо дуьххьара коьрта роль ловзийна «Дада Бак» (1989) фильмехь, цуьнца волу декъашхо Джон Кэнди вара. 1990-чу шарахь экранаш тӀехь арахаьцна комедийн блокбастер «ЦӀахь цхьаъ», Калкинан карьерехь дохораг хилла йолу. Кевин МакКаллистеран рольо Деши Глобусехь хьалхара номинаци кхачийна цуьнга.

Фильмографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 1985 — Буьйсанан йукъ
  • 1988 — Гибралтар тӀе
  • 1989 — Дада Бак
  • 1989 — Ӏуьйран гур ду вай
  • 1990 — ЦӀахь цхьаъ
  • 1990 — Иаковин лама
  • 1991 — Сан йоӀ
  • 1991 — Цхь стаг кхетар ву
  • 1992 — ЦӀахь цхьаъ 2: Нью-Йоркехь вайна
  • 1993 — Дика кӀант
  • 1993 — Щелкунчик
  • 1994 — Наравне с отцом
  • 1994 — Хьал долу Ричи
  • 1994 — АгӀонийн омранча
  • 2003 — Клубан мани
  • 2004 — КIелхьарйаьккхина
  • 2004 — Иерусалиман синдром
  • 2007 — Мартан секс
  • 2015 — Адам Гринан аладдин

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]