Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Футбол

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Сурт
Амал
Категори командин ловзар
ГӀирс футболан буьрка
ЦхьалгӀа къийсамаш
Дуьненан чемпионат 1930 шо
Дуьненайукъара федераци
ЦӀе ФИФА
Кхоьллина шо 1904 шо
Веб-сайт FIFA.com
Кхуьнца йолу проекташ
Футболан буьрка
Англин футболан буьрка — толаман совгӀат.

Футбо́л (инг. football схадаьлла foot «ког» + ball «буьрка») — мостагӀчун кевнашна когашца я кхечу дегӀан меженашца (куьйгаш доцург) дуьхьала йолу командел алсама буьрка чутоха Ӏалашо йолу командин спортан тайпа.

Тахана ю дуьненахь уггаре гӀараяьлла а, массийн а спортан тайпа[1][2][3].

Оцу ловзарех ловзучух олу футболи́ст.

Ловзаран цӀе

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ФИФАс а, Дуьненайукъара олимпийн комитето лелайо «футбол» дуьненайукъара ловзаран официалан цӀе йина.

Юьззина ингалсметтан ловзаран цӀе, «association football» («футбол Ассоциацин бакъонашца»), иза хаьржина ингалсан Футболан ассоциаци йиллинчул тӀаьхьа 1863 шарахь, иза кхечу футболан тайпанех къасторхьама. Оцу хенахь яра, масала, регби-футбол («rugby football», «футбол Рагби ишколан бакъонашца»), цунах куьйгашца ловза а мегара. Хан мел йоьду ловзаран еха цӀераш яцъян йолийра къамелехь а, зорбанехь а. Юьхьанца Ингалсехь яьржинера яцйина цӀе «assoc.», цул тӀаьхьа 1880-гӀа шерашкахь цунах елира термин «соккер» (инг. soccer), дацдарна тӀе «-soc-» суффикс «-er» тоьхна оксфордан ламастаца[en] а тоьхна (регби-футболахдацдина олура «раггер» (инг. rugger))[4]. В периодике термин «соккер» используется по крайней мере с 1892 года[5]. Ингалсан меттан оксфордан дошамца, уггаре хьалха «soccer» дош йозанан маттахь хааделла 1889 шарахь, ингалсан поэтан Доусон Эрнестан кехат тӀехь (делахь а цуо яздо socca, хетарехь, цуьнан хӀинца а яцара стандартан йозанан кеп)[6].

Тахана «соккер» цӀе яьржина ю цхьа могӀа ингалсметтан мехкашкахь, оцу пачхьалкхашкахь генара схьа гӀарадевлла ду кхин футболан тайпанаш а. Масала, Австралехь а, Керла Зеландехь а футбол олу австралин футболах я регбилигах. Ирландехь «футбол» термино билгалйоккху гэлан футбол, цундела «соккер» прессехь лелон цӀе ю[7][8]. КъАРехь дукхаха болчарна ловзар девза «соккер» санна, иза гойту КъАР чемпионатан цӀеро, «Премьер соккер лига» а, тӀехь ДЧ-2010 финал хилла стадион «Соккер Сити» а. АЦШ а, Канадехь а термин «соккер» лелайо, хӀунда аьлча футбол опу америкин футболах а, канадин футболах а. Ингалсахь «соккер» цӀе ширъелла, керла чкъоьро иза ца лелайо.

Кхечу меттанашкахь ловзаран цӀе ю:

  • я тӀеэцна ингалсан дош football, масала нохчийн маттахь — «футбол», португалихой — futebol;
  • я football дош гочдина тӀеэцна, масала немцойн — Fußball, желтойн — ποδόσφαιρο, финнийн — jalkapallo, жуьгтийн (иврит) — כדורגל, карелийн — jalgamiäččy, адыгийн — лъэпэеу;
  • я схьадаьлла «мийра бетта», «ког» дешнех, масала италихойн — calcio, хорватийн — nogomet, полякийн — piłka nożna (коган буьрка), мажарийн — labdarúgás (буьрканах мийра беттар).

Футболан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Футболан хьалхара кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Буьрканех ловзура дукха мехкашкахь[9]. Цийчохь оцу тайпана ловзарх олура Чжу-Кэ[10]. Ширачу Спартехь ловзарх олура «Эпискирос»[10], ткъа Ширачу Румехь «Харпастум»[11]. Керла замахь Брянскан латтанаш тӀехь ловзура адаман коьрттал йолу, чу месаш йоьхкина, цӀоканан буьрканца. Оцу къийсамех олура «шалыга» а, «кила»[12] а. XIV бӀешеран гергахь италихошна дагадеира «Кальчо»[13] ловзар. Нисса иза чудеира италихоша Британин гӀайренашка[14].

Дуьххьарлера бакъонаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

XIX бӀешарахь Ингалсехь футбол гӀараелира, крикетца[15] бен юсталур йоцуш. Цунах ловзура коьртаниг колледжашкахь[16]. Цхьацца колледжашкахь бакъонаша магадора буьрка куьйгашца лело а, дӀаяла а, кхечанхьа иза ца магадора[17]. Дуьххьара, масех колледж цхьаьнакхетта, цхьа бакъо ян гӀоьртира 1846 шарахь. Цара хӀиттийра хьалхара бакъонаш[18]. 1857 шарахь кхоьллира дуьххьарлера говзаллин футболан клуб — «Шеффилд»[19]. 1863 шарахь дехха дийцарш дина тӀеийцира Ингалсан футболан ассоциацин бакъонаш. Иштта тӀеийцира аренан а, кевнийн а барамаш[20]. Ткъа 1871 шарахь кхоьллира Ингалсан кад — дуьненахь уггаре шира футболан турнир[21]. 1891 шарахь тӀеийцира пенальтин бакъо. Амма юьхьанца пенальти тӀадам тӀера, ткъа тухура асанан тӀера, иза кевнашна 11 метр генахь яра[22].

Футболан тайпанаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Стоьлан футбол

Футболан шортта кепаш ю, коьртаниг ловзархойн барам кӀезиг болуш, царна йукъахь: футзал (AMF) а, футзал (FIFA) — мини-футбол (ловзу зал чохь башха цӀенкъан тӀехь) а, шоубол (ловза адаптаци йина хоккейн ботт чохь йиллина цӀенкъа тӀехь) а, кертара футбол (ловзу муьлхха а барам болу аренахь, муьлхха ловзархойн барамехь), пляжан футбол (ловзу гӀум тӀехь), «эркан футбол» (голлелца хи чохь, ингалсан Бёртонера хӀора шеран турнир), «уьшалан футбол» (ловзу уьшал чохь), футболан фристайл (массо кепара финташ а, трюкаш а гойту), рашбол (ловзу кевнахочун, гӀуданан буьрка тохаран, атакин, дуьхьалонан, нейтралан зонашка екъна аренахь), футдаблбол (ловзу шина буьканца).

Иштта ю виртуалан а, стоьлан а футбол спортан ловзарш санна, кехатан футбол логикин ловзар ду.

Футбол чӀогӀа гӀараяларна, дукха ловзарш ду футболах тардина.

Манчестерехь болх беш ю Футболан къоман музей, цу чохь гойту хьалхалера гӀараевлла матчийн пхийтта минотан фильмаш ы, музейн залашкахь ду гӀарабевллачу ловзархойн балозан суьрташ[23], футболан исторера тайп-тайпана экспонаташ.

Футболан гуонахьара оьздангалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]


Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Категори «Футболан лиганаш» ца карийна.
Категори «Футболан кедаш» ца карийна.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Guttman, Allen. The Diffusion of Sports and the Problem of Cultural Imperialism // The Sports Process: A Comparative and Developmental Approach(ингалс.) / Eric Dunning, Joseph A. Maguire, Robert E. Pearton. — Champaign: Human Kinetics. — P. p129. — ISBN 0880116242.. — «the game is complex enough not to be invented independently by many preliterate cultures and yet simple enough to become the world's most popular team sport».
  2. Dunning, Eric(ингалс.) The development of soccer as a world game // Sport Matters: Sociological Studies of Sport, Violence and Civilisation(ингалс.). — London: Routledge. — P. p103. — ISBN 0415064139.. — «During the twentieth century, soccer emerged as the world's most popular team sport».
  3. Frederick O. Mueller, Robert C. Cantu, Steven P. Van Camp. Team Sports // Catastrophic Injuries in High School and College Sports(ингалс.). — Champaign: Human Kinetics. — P. p57. — ISBN 0873226747.. — «

    ».

  4. Mazumdar, Partha The Yanks are Coming: A U.S. World Cup Preview (инг.). Embassy of the United States in London (2006 шеран 5 июнь). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 6 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 21 августехь Архивйина 2009-08-21 — Wayback Machine
  5. Baily's Magazine of Sports & Pastimes, vol. lvii(ингалс.). — London: Vinton, 1892. — P. 198.
  6. Soccer: first printed use of the word in 1891? ТӀекхочу дата: 2020 шеран 6 июнь.
  7. The Irish Times: Soccer. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  8. Independent.ie: Soccer. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 28 ноябрехь (ингалс.)
  9. Гиффорд, 2007, p. 10.
  10. 1 2 Малов, 2002, p. 10.
  11. Малов, 2002, p. 14.
  12. "Англия «украла» футбол на Брянщине". Владимир Митрофанов. 2010-10-13. Дата обращения: 2013 ш. 24 июнехь.
  13. Малов, 2002, p. 17.
  14. Малов, 2002, p. 27.
  15. Футбол // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  16. Малов, 2002, p. 34.
  17. Малов, 2002, p. 36.
  18. Малов, 2002, p. 38.
  19. Малов, 2002, p. 39.
  20. Малов, 2002, pp. 41—46.
  21. Малов, 2002, p. 53.
  22. Малов, 2002, p. 49.
  23. National Football Museum. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 6 май. Архивйина 2013 шеран 10 майхь
  24. Третяк А. Знаменитые болельщики российских команд // Чемпионат — 2013.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Малов, В. И. Я познаю мир: Футбол. — Издательство «Астрель», 2002. — С. 10, 14, 17, 27, 34, 36, 38, 39, 41—46, 53, 49, 60, 61, 62, 64, 87. — ISBN 5-271-04556-0.
  • Фут-боол // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Валь А. История футбола //М.: Изд-во АСТ. — 2005.
  • К. Гиффорд. Энциклопедия футбола. — АСТ, 2007. — ISBN 978-5-17-044765-7.