Айюб
Айюб | |
---|---|
أيوب | |
Вина терахь | вайн эрал 16 бӀешо гергга хьалха |
Вина меттиг | Хьавран |
Кхелхина терахь | вайн эрал 14 бӀешо хьалха |
Кхелхина меттиг | Хьавран |
ДӀавоьллина меттиг | Айюбан кешнийн исписка |
Къам, некъе | Жуьгтий |
Да | Мус[1] |
Нана | ЛутӀан йоӀ |
Зуда | Рахьмат[2] |
Динлелор | Ислам |
Лоруш волу динаш | Ислам, керсталла, яхӀудий |
Айюб (Ӏаьр. أيوب) — Исраилан къоман ваийтина пайхамарех цхьа пайхамар. Библин тӀехь хьехош ву Иоб цӀарца. Айюб пайхамаран истори Къуръан[3] тӀехь хьехош йу цатешачарна цунах хьехам масала хилийта, тӀаьххьаре а АллахӀа шех тешаш волчунна гӀо муха до гойту[4].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цуьнан нана ЛутӀ пайхамаран йоӀ хилла[2]. Айюб хьажийна вара Димашкъ гергарчу къаьмнашна. Иза чӀогӀа хьал долуш а, ларам болуш а стаг вара, массо а иэшонехь волчунна гӀодора. Иза къаьсташ вара дика даран амалашца, нийсонца, Делах даггара кхерарца. Амма гӀараваьлла иза шен собар бахьнехь[5][6].
Цуьнан боккха доьзал бара, шортта зударий а бара. АллахӀан зиен лиира Айуб, йоцачу хенахь цуьнан берриг бахам дӀабаьккхира. ЖаӀун куьце а даьлла иза хаийтинчу шайтӀане элира шен мел хилла бахам АллахӀан бу аьлла, цуьнга иза шадерг дӀадаккхало цуьнга, массо хӀума а Делан лаамца хуьлу аьлла[6].
ШолгӀачу халачу зиерехь чӀогӀа мохк бегийна цуьнан массо а бер делира. ШайтӀано, берийн хьехархочун куьце даьлла деана хаийтича, Айюба жоп делира, шен бераш шена деллера АллахӀа, цуьнга муьлххачу хенахь а уьш шегара дӀадахалур ду аьлла[6].
ТӀаккха АллахӀа Айюбан хала цамгар яийитира, цамгар бахьнехь иза меттах ца хьалора. Пайхамар витира массо а гергарчу наха, зуда йоцучо, иза собарца хьожуш йара шен цомгашчу майрачуьнга. ТӀаккха Айюба хастам бира АллахӀан, Цуьнан лааман къера вара иза. ШайтӀано гӀалахь эладит даржийра, Айюбан ноткъанаш йина чевнаш гӀалин кхечу бахархошна тӀеевр йу аьлла, гӀалахоша эккхийра Айюб шен зудчуьнца гӀалара[4]. Зудий-майрий охьахевшира гӀалан йистте. ВорхӀ шарахь, шен цамгар йоллушехь, Айюба цкъан а арз ца дира шен хьолах. ШайтӀа гӀиртира Айюбан зудчуьнга иза витийта, амма аьтту ца белира[6].
АллахӀа тӀеийцира цуьнан дуӀа, дахийтира цунна Джабраил малик кхаъца, АллахӀа комаьршша совгӀат лур ду хьуна хьан собарна а, доьналлийна а массо а балана хьалха аьлла. Джабраилан омарца, Айюба ког туьйхира, оцу меттиге шовда делира, цуо цуьнан хьогалла а яйира, чевнаш а тойира[4]. АллахӀа йухадерзийра Айюбан цуьнан могашалла, бахам, бераш[7][8][6][4].
Ца кхета Къуръанан омар: «Схьа а иэций хьайн кара курс, тоха цуьнца, къинош а ма летаде!»[5] — маьӀна доккху, хьалха шен зудчунна, иза АллахӀа Айюбан гӀо дийр хиларх шекйаларна, кхел йийр йу аьлла дина ният кхочушдаран хьокъехь долу омар санна[9].
АллахӀа совгӀат дина цунна цхьацца тамашийна хӀуманаш дан хьуьнара делла[6].
Айюб ваьхна 254 шарахь[2].
Айюбан цӀарах йоьхку цхьа могӀа Шемара, Палестинера, Мисрара, Йуккъера Азера топонимаш. Айюбан дуӀа леладо бусалбачара цамгаршна дуьхьала хӀайкалш дой[9].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ История Айюба, Зуль-кифля, Жители Расса, Юнуса, Шу'айба, Ахлюль-карья . Инфо-ислам (2012 шеран 19 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 июль.
- ↑ 1 2 3 Пророк Аюб - образец терпения. Пророк Шуайб - похоронен в Мекке около Каабы . islamdag.ru (2009 шеран 12 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 20 январь.
- ↑ 4:163, 6:84, 21:83, 84, 38:40—44
- ↑ 1 2 3 4 Ислам: ЭС, 1991, с. 16.
- ↑ 1 2 38:44 </noinclude>Къуръан
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Али-заде, 2007.
- ↑ 21:84 </noinclude>Къуръан
- ↑ 38:43 </noinclude>Къуръан
- ↑ 1 2 Ислам: ЭС, 1991, с. 17.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Пиотровский М.Б. Аййуб // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 16-17.
- Али-заде А. А. Аййуб : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
- Кеп:Книга:Мифы народов мира. Энциклопедия
- Ибн Касир. Кисас аль-Анбия (Сказания о пророках) // Рассказ о Иове (Аййубе), мир ему.
- Ayyūb / Jeffery A. // Encyclopaedia of Islam. 2 ed. — Leiden : E. J. Brill, 1960—2005.(мехах)