А́кхарой[1][2], йа дийна дуьненна тӀе йовларш[1][3], йа те́реш[2] (лат. Theria), — декха дийнатийн дерриг таханлера дийна дуьненна тӀедовлу декха дийнаташ цхьаьнатуху бухара класc, цара кӀорнеш йо тевна а ца дуьллуш (царна йукъахь плацентин а, гай-тӀоьрмигнаш а). Дерриш декха дийнаташ, адамаш тӀехь, — акхарой йу. Декха дийнаташна йукъахь акхаройн бухара классан дуьхьала хӀоттийна хӀоьаш доху хьалхара акхаройн бухара класс. Цхьацца (дукхаха дерг — ширйеллачу) классификацешкахь Декха дийнаташ а, Акхарой а терминаш синонимаш йу, ткъа акхарошна лелайо термин Бакъ акхарой; оцу классификацешкахь хьалхара акхарой акхаройн бухара класс йу[4].
Акхаройн векалийн арахьара лергаш хуьлу (уьш доцуш а хуьлу цхьацца хин дийнаташ, масала, бакъ тюленаш), церан кӀорнеш некхах йекхаш хуьлу, церан хуьлу хьорка, цуо церан леларан ницкъ тӀетуху (хьорка йац, тӀехьара когаш дӀадевллачеран — киткепарчеран, пиллигкогашдолчеран, сиренийн). Акхаройн классификаци цергаш вовшехлатаран суьртаца хӀоттайо.
Дош схьадаьлла «акха» йа «экха» (орам) + р (суффикс) + ой (чаккхе).
Декха дийнатийн йу дукха классификацеш. Инфраклассан тӀегӀанера ламастан классификаци лахара кепехь йу[5]:
Молекулин анализца йолу декхачу дийнатийн филогени:
1997 шарахь Малколм Маккенна а, Сьюзан Белл палеонтологаша кховдийра шен декхачеран классификацин, иза сихха къобал дира палеонтологаша, хӀетте а кхечу биологаша жигара лелош йоцушехь. Системин башхалла ю чӀогӀа жигара таксонаш лелор, церан йу йуккъера — инфраклассна а, тобанна йукъара — ранг[6].
Класс Mammalia
уллера йелла тобанаш
Эутерешна (плацента йолчарна) йукъа йоьду иттаннал сов йелла тобанаш, масала: †лептиктидаш, †диноцераташ, †кондилартраш, †нотоунгуляташ, кхин йерш.
1997 шерал тӀаьхьа карийна шира тереш (масала, эомайя[7], синодельфис[8], юрамайя[9][10]), иштта кхин а лерина йина хьалха хиллачу хаамийн анализо далийра Акхарой бухара классан эволюцин а, филогенин а хьажар хаъал хийцаделла хиларе. Иштта, дикка хийцаделира Holotheria тобанан маьӀна, иза Маккеннин а, Беллан а цхьаьнатоьхна йара кхоъ бухара тоба: Chronoperatidae[en] доьзал а, Kuehneotheria а, Trechnotheria а «тӀехулара легионаш» а. Хьалхара ши бухара тоба декха дийнатийн гӀадах цкъадехьадаларанчел хьалха дӀакъаьстаний хиинчул тӀаьхьа, оцу тобанан чухоам хаъал шорбира: хӀинца цунна чохь йу хьахийна ши бухара тоба а, Mammalia[11] классан йерриг краун-тоба а. Молекулин филогенетикин кхиамаш бахьнехь хаъал нисдира гай-тӀоьрмигчеран а, плацентинчеран а филогени[12][13].
- ↑ 1 2 Кеп:Книга:Полная иллюстрированная энциклопедия. «Млекопитающие». Кн. 2
- ↑ 1 2 Кэрролл Р. Палеонтология и эволюция позвоночных: В 3 т. Т. 2. — М.: Мир, 1993. — С. 254. — 283 с. — ISBN 5-03-001819-0.
- ↑ Кеп:Книга:Разнообразие млекопитающих
- ↑ Наумов Н. П., Карташёв Н. Н. Зоология позвоночных. Ч. 2. Пресмыкающиеся, птицы, млекопитающие. — М.: Высшая школа, 1979. — С. 165—167. — 272 с.
- ↑ Vaughan T. A., Ryan J. M., Czaplewski N. J. Mammalogy. 5th ed. — Sudbury, Massachusetts: Jones & Bartlett Learning, 2011. — 750 p. — ISBN 978-0-7636-6299-5.
- ↑ Павлинов И. Я. Систематика современных млекопитающих. — М.: Изд-во Моск. ун-та, 2003. — 297 с. — ISSN 0134-8647.
- ↑ Ji Qiang, Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Wible J. R., Zhang Jian-Ping, Georgi J. A. The Earliest Known Eutherian Mammal // Nature, 2002, 416. — P. 816—822. — DOI:10.1038/416816a.
- ↑ Luo Zhe-Xi, Ji Qiang, Wible J. R., Yuan Chong-Xi. An Early Cretaceous Tribosphenic Mammal and Metatherian Evolution // Science, 2003, 302 (5652). — P. 1934—1940. — DOI:10.1126/science.1090718.
- ↑ Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Meng Qing-Jin, Ji Qiang A Jurassic Eutherian Mammal and Divergence of Marsupials and Placentals // Nature, 2011, 476. — P. 442—445. — DOI:10.1038/nature10291.
- ↑ Млекопитающие «потеряли» свою сумку 160 миллионов лет назад — учёные (бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 май. Архивйина 2014 шеран 22 февралехь
- ↑ Luo Zhe-Xi, Kielan-Jaworowska, Cifelli, 2002, p. 4.
- ↑ Nilsson M. A., Churakov G., Sommer M., Van Tran N., Zemann A., Brosius J., Schmitz J. Tracking marsupial evolution using archaic genomic retroposon insertions // PLoS Biology (Public Library of Science), 2010, 8 (7): e1000436.
- ↑ O'Leary M. A., Bloch J. I., Flynn J. J., Gaudin T. J., Giallombardo A., Giannini N. P., Goldberg S. L., Kraatz B. P., Luo Zhe-Xi, Meng Jin, Ni Xijun, Novacek M. J., Perini F. A., Randall Z. S., Rougier G. W., Sargis E. J., Silcox M. T., Simmons N. B., Spaulding M., Velazco P. M., Weksler M., Wible J. R., Cirranello A. L. The placental mammal ancestor and the post–K-Pg radiation of placentals // Science, 2013, 339 (6120). — P. 662—667. — DOI:10.1126/science.1229237.
- Luo Zhe-Xi, Kielan-Jaworowska Z., Cifelli R. L. In quest for a phylogeny of Mesozoic mammals // Acta Palaeontologica Polonica. — 2002. — Vol. 47, № 1. — P. 1—78.
- van Rheede T., Bastiaans T., Boone D. N., Hedges S. B., de Jong W. W., Madsen O. The Platypus Is in Its Place: Nuclear Genes and Indels Confirm the Sister Group Relation of Monotremes and Therians // Molecular Biology and Evolution, 2006, 23 (3). — P. 587—597. — DOI:10.1093/molbev/msj064.
- Wozencraft, W. C. Mammal Species of the World / Wilson, D. E., and Reeder, D. M. (eds). — 3rd edition. — Johns Hopkins University Press, 16 November 2005. — ISBN 0-801-88221-4.
Дошамаш а, энциклопедеш а | |
---|
Таксономия | |
---|