Мадийнат
ГӀала | |
Мадийнат | |
---|---|
Ӏаьр. المدينة المنورة | |
24°28′ къ. ш. 39°36′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | СаӀудийн Ӏаьрбийчоь |
Истори а, географи а | |
Йиллина | IX бӀешо в. э. хьалха |
Майда | 589 км² |
Центран локхалла | 608 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 1 102 728 стаг (2010) |
amana-md.gov.sa(Ӏаьр.) | |
Картин тӀехь | |
Мадийнат (Ӏаьр. الْمَدِينَةُ الْمُنَوَّرَةُ [Аль-Мадинату-ль-Мунавварат] — «Нурдогу Мадийнат») — иза исламан исторехь дуьххьарлера пачхье (столица) а, Макка дӀайаьллачул тӀаьхьа бусалбанийн шолгӀа йеза меттиг а йу. Историн Хьижазан лаьтта тӀехь йолчу СаӀудийн Ӏаьрбийчуьра малхбузехьара Мадинатан провинцин пачхье йу иза. Маккина къилбаседа-малхбалехьара агӀора 400 км генахь йу иза. ЦӀен хӀордана къилбаседехь 150 км гергга генахь йу иза. ХӀинцалерчу хенахь цуьнан бахархой — 1 152 991 адам ду (2017 шарахь лерича)[1]. Мадийнат схьайиллина хӀижрат далале 1500 шо хьалха.
Ислам дин гучудалале Мадийнат йевзаш йара «Ясриб» аьлла, и цӀе хьахийна йу Къуръан чохь: ﴾Царех цхьаболчара элира: «ХӀай, Ясрибан бахархой! Дуьхьаллатталур дац шу, йухадерза [шайн цIа]!». Ткъа царех цхьаболчара пурба дийхира пайхамаре [дӀабаха], ала а олуш: «Тхан хIусамаш ларйеш йац [йа Ӏуналла доцуш йисина йу]». [ТӀам тӀера] бовдар бен дац царна луург﴿ [Къуръан:33-13]. Бакъ хьадисехь деана ду Мухьаммад пайхамаро ﷺ Ясрибан цӀе «Мадийнат» аьлла, хийцинера аьлла. Цо цуьнан хьалхалера цӀе лело магийна а ца хилла, цо аьлла: «Мадийнатах “Ясриб” аьллачо Деле гечдар доьхийла». Мадийнат чубахка магийна дац бусалба боцучарна, Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла-кх: «Везан Дела, ас хьарамдо-кх [даздо-кх] цуьнан [Мадийнатан] шина лавана йуккъехь дерг, ИбрахӀима Макка хьарамйаре терра, Везан Дела, беркатде Ахь цуьнан муддангахь а, саӀангахь а»[2].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]622-чу шарахь ийман диллинчарах шеца 70 стаг а волуш, стундеца Абу Бакарца, девешица Хьамзатца а цхьаьна Ясрибе (Мадийнате) дӀакхелхина Мухьаммад пайхамар. Мадинату-н-Набави (Пайхамаран гӀала) аьлла цӀе йоккху цунах цул тӀаьхьа.
Мадинат гӀалина гена йоцуш йолчу Бадрехь 624-чу шарахь дуьххьара тасадалар хилла Маккин элийн эскаран а, бусалба нехан а. Кхузахь кӀезиг хилла бусалбанаш, амма уьш тоьлла. Бекхамна кечам беш 10 эзар дошло вовшахтоьхна маккахоша. Бусалбанаш 2 эзар стаг бен ца хилла, делахь а, Рум-лам тӀехь йолчу гӀоьпехь гӀазот а дихкина, дуьхьалбевлла уьш мостагӀчунна. Оцу тӀамехь бусалбанаш эшийна. Къаьсттина цавезаш хилла маккахошна майра а, доьналла долуш а волу Хьамзат. ТӀехьашха тоьхна охьа а виллина, гобина пхьарс боккхуш, ност йоккхуш, корта боккхуш, къиза вийна цара иза. Чов хилла Мухьаммад пайхамарна а. Бусалба нахана тӀехь толам баьккхинехь а, шаьш а дукха хӀаллакьхилла маккахой.
Цундела Мадинат ца яккхалуш бухабевлла уьш. ТӀом дӀабаьлча, байина асхьабаш дӀабухкуш, Хьамзатан дакъа карош ца хилла.
— ТӀеман зурма лакха, — аьлла хьехардина боху бухабисинчу асхьабаша.
— Зурма лекхча, цуьнан меженаш меттах ца хьовш Ӏийр йац, — аьлла. ТӀеман зурма лекхча, етталуш, тӀеттӀа яхана боху Хьамзатан меженаш. Ухьуд ломана уллохь шерачу арахь дӀабоьхкина гӀазотехь белларш. Оццу кешнашкахь дӀавоьллина ву Хьамзат. Цуьнан коша гонах дехкина тӀулгаш ду. Коьртехь болу цхьа тӀулг жимма боккха а болуш.
ХӀокху йаззаман тӀехь тоьаш йац хьажоргаш хьосташна тӀе (хьажа лохуш хьехам). |
Климат
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мадинатан климат | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Гайтам | Янв. | Фев. | Март | Апр. | Май | Июнь | Июль | Авг. | Сен. | Окт. | Нояб. | Дек. | Шо |
Юьззина максимум, °C | 35,2 | 36,0 | 37,4 | 39,5 | 42,6 | 46,4 | 47,7 | 47,0 | 42,5 | 38,5 | 36,6 | 34,5 | 47,7 |
Юккъера максимум, °C | 23,6 | 26,1 | 30,2 | 33,9 | 38,9 | 41,7 | 39,3 | 42,2 | 41,0 | 36,4 | 29,7 | 25,0 | 34,0 |
Юккъера температура, °C | 17,7 | 19,9 | 23,8 | 27,6 | 32,2 | 35,8 | 36,0 | 35,9 | 34,4 | 29,4 | 23,4 | 19,0 | 27,9 |
Юккъера минимум, °C | 11,6 | 13,3 | 17,4 | 20,8 | 24,9 | 27,9 | 28,4 | 28,7 | 27,1 | 21,9 | 17,2 | 12,9 | 21,0 |
Юьззина минимум, °C | 0,0 | 4,6 | 7,4 | 10,0 | 18,8 | 21,0 | 25,7 | 25,5 | 22,9 | 15,5 | 10,6 | 8,2 | 0,0 |
Йочанан норма, мм | 8 | 1,2 | 8,3 | 11,9 | 4,6 | 0,4 | 0,2 | 0,3 | 0,1 | 1,1 | 9,2 | 3,8 | 49,1 |
Хьост: World Climate |
ГӀалин панорама (сурт)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Суьрташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Saudi Arabia: largest cities and towns and statistics of their population World Gazetteer (ингалс.)(нем.)(франц.)(испан.)
- ↑ إسلام ويب - نيل الأوطار - كتاب المناسك - أبواب ما يجتنبه المحرم وما يباح له - باب حرم المدينة وتحريم صيده وشجره- الجزء رقم5 (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 3 май.