Тача
Та́ча — стиглан йукъара бесан тӀехь шен кхачарца йа дӀахударца билгалдолу седарчашна йукъара кхачонан дакъа. Хьалха тача олура муьлхха а стиглара меттаха ца йолучу йеха объект. 1920-гӀа шерашкахь хиира, тачанашна йукъахь дуккха галактикаш хилар (масала, Андромедин Тача). Цул тӀаьхьа «тача» кхета долийра, алсама готтачу, лакхахь гайтинчу маьӀнехь[1].
Тачанаш лаьтта ченах, газах, плазмех.
Историн хаамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Астрономехь йуьхьанца тачанаш олура муьлхха а меттаха ца йолу йеха (диффузин) къега астрономин объектах, царна йукъахь Ча Такхийна Тачанера седарчийн ӀаӀарш йа галактикаш.
ХӀинца а лаьтташ ду иштта лелоран масалаш. Масала, Андромедин галактикех дукха хьолехь олу «Андромедин тача».
Иштта, жигара кометаш лоьхуш хилла волу Мессье Шарла, 1787 шарахь хӀоттийра, кометех тера йолу, меттаха ца йовлу диффузин объектийн каталог. Мессьен каталог йукъа кхечира шеш тачанаш а, кхин объекташ а — галактикаш (масала, лакхахь хьахийна Андромедин галактика — М 31) а, Горгалан седин ӀаӀамаш (M 13 — Геркулесан ӀаӀам).
Астрономи кхиарца а, телескопаша дика гайтарца, «тачин» кхетам алсама нисбора: «тачанийн» цхьа дакъа девзира седарчийн ӀаӀамаш санна, карийра бодане (худу) газченан тачанаш, тӀаьххьара, 1920-гӀа шерашкахь, хьалха Лундмаркан, цул тӀаьхьа Хабблан, аьтту белира цхьа могӀа галактикийн периферийн областашкара седарчий гучудаха, цуьнца цхьаьна церан Ӏалам билгалдаккха а. Оцу хенахь дуьйна «тача» термин леладо лакхахь далийначу маьӀнехь.
Тачанийн тайпанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тачанийн классификаци йеш лело хьалхара хьесап — серлоно худар, йа зӀаьнарш тохар йа йаржор, аьлча а оцу хьесапашца тачанаш декъало бодане а, сирла а тобанашка. Хьалхарниш го царна тӀехьарачу хьосташа зӀаьнарш худар бахьнехь, ткъа шолгӀаниг — шех зӀаьнарш йовлар йа луларчу седарчийн серло йухатохар (йаржор) бахьнехь. Сирла тачанийн зӀаьнарш тохаран Ӏалам, церан зӀаьнарш тохар карзаха доху энергин хьосташ, йозу схьайовлар, хила тарло тайп-тайпана Ӏалам; цхьаьна тачанехь лелаш кӀезиг ца хуьлу масех зӀаьнарш тохаран механизм.
Тачанаш газан а, ченан а аьлла декъар ладаме тӀегӀанера билламе ду: дерриг тачанашна йукъахь чан а, газ а йу. Иштта декъар историн агӀор доьзна ду тайп-тайпана тергонан хьесапех а, зӀаьнар тохаран механизмех а: чан хилар уггаре къегина го бодане тачанаша шайн тӀехьа лаьтта хьостийн зӀаьнарш хуьйдича а, тачанашна чуьра зӀаьнарш йухатоьхча йа йаржийча йа кхин зӀаьнар тоьхча, тачанаша шайн газан компонентан зӀаьнарш тохар го цунна ионизаци хуьлуш ультрафиолетан зӀаьнарш тохарца.
Бодане тачанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бодане тачанаш хуьлу зоьртала (дукха хьолехь молекулин) Седарчашна йукъара газан а, седарчашна йукъара ченан мархаш, чекх са ца го чено седарчашна йукъара серло худар бахьнехь. Дукха хьолех уьш го сирла тачаний фонехь. КӀезиг бодане тачанаш го Ча Такхийна Тачин фонехь. Иштта ду КӀоран гали тача а, кхин дуккха а жимий дерш, царех олу гигантан глобулаш.
Седарчашна йукъара серло худар Av бодане тачанашкахь леста уггаре зоьрталчеран 1—10m тӀера 10—100m кхаччалц. Йаккхий Av тачанийн хӀоттам Ӏама ца ло радиоастрономин а, субмиллиметран астрономин а хьесапашца бен, коьртаниг молекулин радиоасанийн тергонца а, ченан инфрацӀен зӀаьнар тохарца а. Дукха хьолехь бодане тачанашкахь карайо цхьацца таьӀна меттигаш Av тӀера 10 000m кхаччалц, схьагарехь, царна чохь кхолло седарчий.
Оптикин диапазонехь ах чекх са гучу тачанийн дакъошкахь, дика хаало хьаса болу структура. Хьесий а, тачанийн йукъара озадалар а доьзна царна йукъахь магнитан аре хиларца, цуо ницкъан асанан хӀума пурх леларна хала до, кхиадо цхьа могӀа магнитангидродинамикехь ца лаьтта кепаш. Тачанийн хӀуман ченан компонент йоьзна магнитан аренех, хӀунда аьлча лела ченан буьртигаш электрийн дуьлина долун дела.
Йухатуху тачанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йухатуху тачанаш йу седарчаша серло туху газан-ченан мархаш. Нагахь седа (седарчий) седарчашна йукъара мархин йукъахь йа гергахь балахь, амма ионизаци йан, шена гуонахьа алссама барам седарчашна йукъара водород кхолла, тоъал бовха бацахь, тӀаккха оптикин зӀаьнарш йухатохаран коьрта хьост хуьлу седарчашна йукъара чено йаржайо седарчийн серло. Иштта тачанийн масала ду седарчийн Плеядаш гулдаларехь къегина седарчашна гуонаха тачанаш.
Дукхаха долу йухатуху тачанаш лаьтта Ча Такхийна Тачана воьдалин гергахь. Йухатуху тачанаш цхьа могӀа меттигашкахь го лакхара галактикин шораллашкахь. Уьш тайп-тайпана бараман, кепан, луьсталлин, массийн газан-ченан (дукха хьолехь молекуляран) Ча Такхийна Тачанан экъан седарчийн зӀаьнарш йовларо серло тоьхна мархаш йу. Уьш талла хала йу тӀехуле кӀезиг къегина хиларна (дукха хьолехь стиглан фонал гӀийла хуьлу). Наггахь, галактикийн суьрташ тӀехь проекци йой, цара хетийта боккъала а доцу деталаш — цӀогарчий, тӀайнаш, кхин дӀа а.
Цхьацца йухатуху тачананийн хуьлу кометакепара гар, царех олу кометийн. Иштта тачанийн «коьртехь» дукха хьолехь хуьлу тача серлайоккху хийцалун Ш Шинара тайпана седа. Иштта тачанийн кӀезиг ца хуьлу хийцалун къогалла, цуо тидам бо (серло йаржаран ханна тӀехьайуьсий) седарчаша серладоху зӀаьнарш тохаран хийцадалар. Кометин тачанийн барамаш дукха хьолехь жима хуьлу — парсекан бӀеннаш дакъош.
Йухатуху тачанийн наггахь хуьлу тайпа серлонан шайтӀанан мохь, цуьнан тидам бина 1901 шарахь седарчийн Персей гуламехь керла седа марсабаьлча. Керла седа марсабаларо серло туьйхира ченан, тӀаккха масех шарахь гуора гӀийла тача, иза йаьржира массо а агӀор серлонан сихаллица. Серлонан шайтӀанан мох боцуш, керла седа марсабаьлча кхоллало газан тачанаш, уьш тера хуьлу тӀехкерла седа марсабаларх дисинчух.
Дукхаха долу йухатуху тачанийн хуьлу дуткъа хьесийн структура — парсекан масех бӀаьнаш йа эзарнаш дакъош стомма параллеле аьлча санна хьесийн система. Хьесий схьадовлар доьзна тачанашкара магнитан аренах дуьззина апарин йа меттиг хийцаран чӀогӀалзех. Газан а, ченан а хьесаша дӀасатотту магнитан аренан ницкъан асанаш, царна йукъайоьду дуткъа хьесий кхуллуш.
Къогалла йекъаро а, йухатуху тачанийн тӀехула серлонан поляризаци йаро а, кхин а и параметраш тулгӀенан йохаллех дазар дустаро а седарчашна йукъара ченан хьелаш (альбедо, даржаран индикатриса, барам, кеп, ченан буьртигийн ориентаци) билгалдаха таро ло.
ТӀехкерла а, керла а седарчех дисинарг
[бӀаьра нисйан | нисйан]ТӀетохаран тулгӀенаша кхоьллина уггаре къегина тачанаш, хилла тӀехкерла седарчий лелхар бахьнехь, царех олу тӀехкерла седарчех дисинарг. Цара Седарчашна йукъара газан структура кхолларехь чӀогӀа ладаме роль лелайо. Йийцина башхаллашца цхьаьна церан амелехь йу йовхонан йоцу радиозӀаьнарш тохар тӀегӀанан спектрца. Кела седарчий лелхарца доьзна тачанаш, кегийра, гӀийла, дукха ца дехаш хуьлу.
Вольфан — Райен гуонахьара седарчийн тачанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]ТӀетохаран тулгӀенаша кхоьллина кхин тайпана тачанийн, уьйр йу Вольфан — Райен седарчашкара хьоькха седарчийн мохца. Оцу седарчийн амалехь бу чӀогӀа седарчийн мох массийн Ӏоврашца шарахь, чекхдаларан 1×103—3×103 км/сек сихаллица. Цара кхуллу масех парсек бараман, иштта седин астросферин дозанехь къегина хьесий долу тачанаш. ТӀехкерла седарчийн марсадийларх дисинчух къасташ, оцу тачанийн радиозӀаьнарш тохаран йовхонан Ӏалам ду. Ишттачу тачанашкара дахаран хан доза долуш йу Вольфан — Райен седарчий хенаца, герга цу 105 шо.
O-седарчашна гуонахьара тачанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шен хьелашца Вольфан — Райен седанна гуонахьара тачанех тера ду, амма кхоллало уггаре къегина довха О — Of классан спектран чӀогӀа Седарчийн мох болу седарчий. Вольфан — Райен седарчашца уьйр йолу тачанех уьш къаьста кӀезиг къегина хиларца а, баккхий барамашца а, схьагарехь, алсама а деха.
Седарчий кхолларан областашкара тачанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Седарчашна йукъара хьелийн областашкахь кхоллало лахара сихаллин тохар долу тулгӀенаш, царна чохь кхуллу седарчий. Цара бӀенаш а, эзарнаш а градусашка кхаччалц йохйо газ, молекуляран тӀегӀанаш карзахйоху, цхацца молекулаш йохайо, чан йохйо. Алсама инфрацӀен диапазонехь къега озийна тачанийн кепара го иштта тохар долу тулгӀенаш. Цхьа могӀа иштта тачанаш карийна, масала, Орион тачанца уьйр йолу седарчий кхолларан кхерчехь.
- ↑ Тачанаш // Физика космоса: Маленькая энциклопедия / Под ред. Р. А. Сюняева. — 2-е изд. — М.: Советская Энциклопедия, 1986. — С. 661. — 783 с. — ISBN 524(03). Архиван копи 2021 шеран 27 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь(Хьаьжина 27 сентябрехь 2011)