Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Ларма

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Автоматаца болхбен кегийрачу сурсатийн ларма.

Ларма[1][2]мехала гӀирсаш Ӏалашбан а, уьш латтабан а кечйина меттиг, гӀишло (йа церан комплекс)[3].

Логистикехь лармо кхочушйо материалан гӀирсаш гулбаран, оьшуш долу а, дохьуш долу а сурсатийн барам цхьаьнаэшшара латтабаран функцеш, ткъа иштта деш волчунгара оьцуш волчун тӀеоьхучу сурсатийн сихаллин йа технологин арахецаран системашкара гӀирсаш тӀеэхаран синхронизаци йар[4].

Лармийн тайпанаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Автоматикан ларма.

Шен Ӏалашонца къастайо хӀара кепара ларманаш:

  • арахецаран — аьргаллин ларма, вовшехтасаран гӀирсийн ларма, заводан а, цехан а кийчачу сурсатийн ларманаш;
  • транзитан-дехьайаккхаран — цӀерпоштнекъан станцешкахь, порташкахь, охьадоьдучу хин кема сацарехь, аэропорташкахь, автокиран терминалашкахь ларманийн Ӏалашо йу йоцачу хенахь кира цхьаьна транспорт тӀиера кхечунна тӀебуттуш Ӏалашбар (хьажа пакгауз);
  • таможнин — сурсаташ таможнино цӀандаре хьоьжучу хенахь (пакгауз) йоцучу хенахь Ӏалашдаран ларманаш;
  • хьалххе чударан — сурсаташ шеран билгалчу хенашкахь бен чу ца далон кӀошташкара ларманаш;
  • шеран заман Ӏалашдаран — шеран замане хьаьжжина долу сурсатийн ларма;
  • резерван — чолхе хьал хилахь а аьлла сурсаташ Ӏалашдаран ларма;
  • оптан дӀасадекъаран — йохк-эцаран машанашна сурсаташ латторан ларманаш;
  • коммерцин йукъара лелайаран — муьлххачуьнан а мехах сурсаташ Ӏалашдаран ларманаш;
  • розницан — туьканийн ларманаш;
  • тӀеман — тӀеман ницкъашна оьшуш долу тайп-тайпана герзийн ларма (хьажа цейхгауз).

Ӏалашдаран хьолашца къастало ларманаш йукъарчу Ӏалашонна, резервуараш, сейфаш кхерамечу хӀуманашна, лерина ларманаш (хасстоьмашӀалашдаран, стоьмашӀалашдаран, машенаца шелъен ша-ларма, дааран сурсаташ Ӏалашден ша-чоь, кхин а). Ларманашкахь до сурсатийн физикин-химин хьоле хьаьжжина Ӏалашдаран оьшу хьал. Цхьаццанхьа ларманашкахь хуьлу сурсаташ кепа тухуш, гӀутакхашна а, йаьшканашна а чудухкуш, тесташ еш, кхин белхаш беш а ницкъаш. Knight Frank а, Swiss Realty Group а компанеш кхоьллина ларманийн шайн классификаци (A,B,C,D).[5]

Топонимикехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Сулейманов Ахьмадс Нохчийчохь билгалйина Ларма цӀе йолуш массийта топоним: Ларма — «Жаьн-Чу» кӀотаран центрехь бу шаьш бина бокха Ӏам. Кхузара диалектехь «Ларма» дешан тоьла, лаьттан бухе маьӀна ду[6]. БӀовнан уггаре лахара чоьнах олуш хила ларма — цигах латтош хила йийсархой — цунах кхин олуш хила ор[7]. Дишни-Веданахь йу меттиг ТӀеман ларма цӀе йолуш — кхузахь латтош хила тӀаьхьалон молха, йаккхий тоьпийн ядерш, даша кхин а[1]. Хьал-Келахь йу Лармиечу цӀе йолуш меттиг «КӀаг чу» — боьра Ларма — кӀаг, цигахь латтош хила йийсархой[1].

Лармаш кхоллайаларан истори шира йу цивилизацин истори санна. латталелор, а хийцарш а, сурсаташ дохкар а кхиича кхолладелла хаттар: мичахь Ӏалашйан йеза совйаьлларш? Мисарера иероглифаш а, пенийн тӀера суьрташ а, хила мега уггаре а шира цивилизацехь йалтаӀалашден меттигаш а лармаш а муха лелош хила гойтуш[8].

Инкийн импери

[бӀаьра нисйан | нисйан]


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]