Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Хаьштиг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хаьштиг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Lutra lutra (Linnaeus, 1758)
Синонимаш
  • Lutra nippon Imaizumi & Yoshiyuki, 1989
  • Viverra lutra Linnaeus, 1758
Бухара куьцаш
  • Lutra lutra angustifrons Lataste, 1885
  • Lutra lutra aurobrunneus Hodgson, 1839
  • Lutra lutra barang F. G. Cuvier, 1823
  • Lutra lutra chinensis Gray, 1837
  • Lutra lutra hainana Xu et Lu, 1983
  • Lutra lutra kutab Schinz, 1844
  • Lutra lutra lutra (Linnaeus, 1758)
  • Lutra lutra meridionalis Ognev, 1931
  • Lutra lutra monticolus Hodgson, 1839
  • Lutra lutra nair F. G. Cuvier, 1823
  • Lutra lutra seistanica Birula, 1913
  • Lutra lutra whiteleyi Gray, 1867
Ареал
сурт
Ларйен статус

нох. Хаьштиг (оьрс. Выдра) олу. Деха дегӀ а долуш, стомма гӀорта а йолуш, боцийра когаш а болуш, деха цӀога а долуш жима экха ду иза. ДегӀан дохалла 70-75 см, цӀоганан дохалла 50 см. Корта воьда бу цуьнан. Лергаш халла бен гуш дац. ПӀелгашна юккъехь пардош ду. Хи чохь нека дан аьтту бо цара. БукътӀера цӀока таьӀночу албасахь ю, чукӀело сирла ю цуьнан.

  • Вайн Къилбаседа Кавказехь а, Закавказехь а, Малхбузехьа Иранехь а хуьлуш ду уьш. Церан дахар ламанан хишца, чалхаш йолчу меттехь, Теркан йистошца ду.
  • Адамех къахкаш а, ларлуш а экха ду иза. Буьйсанна чӀарх аьлла лела иза. Дийнахь а лоха ца ижу. Хи чохь нека дан хаьа цунна. Хи буха лечкъана дуккху а даллало иза. Лаьттахула лелар меллаша а, партала а ду цуьнан.
  • ЧӀерий а, пхьидаш а, хица хуьлуш йолу садолу хӀумнаш а йоу цо. Бердах Ӏуьргаш а дохуш до цара баннаш. Хи йисттера дуьйна бердаца хьала доккху цо лаьттах Ӏуьрг. Бен бечу меттехь мох кхетийта а, садоӀа а меттиг йоккху цо. Ши шо даьлчи кхуьу цуьнан кӀорнеш. Ӏа доьлчи оре догӀу уьш. Шина шарахь цкъа йо цара кӀорнеш 2-3. Цхаьна шарахь Ӏалашйо уьш нанас а, дас а.
  • Хинан хаьштигаш долу меттигаш билгалъевлла ю. Масала: Мартан хица а, Бумматал лакххьа ЦӀиэчу Акка кхаччалц, Ӏаьсца а, Органца а, Каргалинскехь саьнгарш яьхна хиш долчу меттигашкахь а.

Хьажа. кхин

[бӀаьра нисйан | нисйан]