Location via proxy:   [ UP ]  
[Report a bug]   [Manage cookies]                
Чулацаман тӀегӀо

Инкийн импери

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Инкийн импери, Тауантинсуйу
Tawantinsuyu
Байракх
Байракх
 
1438 — 1533
Коьрта гӀала Куско
Мотт (меттанаш) кечуа (коьртаниг), аймарийн меттанаш, пукина, мочика
Официалан мотт кечуа
Майда 800 000 км² (1438)
2 000 000 км² (1527)
Урхаллин тайпа монархи (кхин версешца, диархи)
Инкин Сапа
 • 1438—1471 Пачакутек Юпанки
 • 1471—1493 Тупак Инка Юпанки
 • 1493—1525 Уайна Капак
 • 1525—1532 Уаскар
 • 1532—1533 Атауальпа
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

И́нкийн импе́ри (кечуа Tawantin Suyu, Tawantinsuyu, Тауантинсу́йу) — XI—XVI бӀешерашкара Къилба Америкера майданца а, бахархойн барамца а уггаре йоккха индахойн хьалхараклассийн пачхьалкх. ХӀинцалера Колумбера Пасто тӀера Чилера Мауле эрк тӀекхаччалц болу мохк дӀалоцура. Империн йукъахь бара хӀинцалера Перун, Боливин, Эквадоран (чекх ца валало сельва йаьлла, малхбален аренан кӀошташ йоцург) берриг мехкаш, Чилин, Аргентинин, Колумбин дакъош. 1525 шарахь дуьххьара Инкийн империн чувахана европахо хилла португалхо Гарсия Алежу. 1533 шарахь испанхойн конкистадораша карадерзийра империн доккхаха долу дакъа, ткъа 1572 шарахь инкийн пачхьалкх йоьхна. Гипотеза йу, тӀеххьара инкаш охьахевшина маьрша гӀала (мохк) Пайтити йу аьлла (XVIII бӀешеран йуккъе йа чеккхенга кхочуш)[1].

Археологин талламаша гойту, баккхий бараман кхиамаш когаметта йитина инкашна хьалхарчу цивилизацеша, кхин а лулара куьйгакӀела далийна къаьмнаша а. Къилба Америкехь инкаш историн арене бовлучу хенахь йара цхьа могӀа цивилизацеш: Моче (мочика оьздангалла, йевза бесара кхийранца а, ирригацин системашца а), Уари (и пачхьалкх Инкийн империн куц хилла, амма бахархоша буьйцура, схьагарехь, кхин мотт — аймара), Чиму (йукъ — Чан-Чан гӀала, тера кхийра а, архитектура а), Наска (гӀарабевлла, Наска асанаш йарца, кхин а лаьттан бухахула хи далоран системашца, кхийранца), Пукина (Титикака Ӏоман малхбалехьара 40 эзар вахархо веха Тиауанако гӀалин цивилизаци), Чачапояс («Мархийн тӀемлой», бевза шайн буьрса Куэлап гӀопаца, цунах кхин а олу къилбаседин «Мачу-Пикчу»).

Инкийн дуьххьара европахоша дехкина суьрташ. Педро Сьеса де Леон. Перун хроника, 1553 шо

Империн цӀе

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Кечуа меттара мехкан цӀе, Тауантинсуйу, гочдан мегара ду йиъ цхьаьнатоьхна провинци (Tawantin — «йеа хӀуманан тоба» (tawa «диъ» суффиксца -ntin, билгалдоккху «цхьаьна»); suyu — «мохк», «область» йа «провинци»). Кечуан лингвисто Деметрио Тупак Юпанкис ма-гайттара: «-ntin — „дерриг чудоьллина“, „дерриг, дийна цхьаъ дийриг[2]. Иштта цӀе йоьзна, мохк йеа провинцина бекъа луш болун дела: Кунтинсуйу (кечуа Kunti Suyu), Кольясуйу (кечуа Qulla Suyu), Антисуйу (кечуа Anti Suyu), Чинчасуйу (кечуа Chinchay suyu). Цул сов, Кускора (кечуа Qusqu) йеа агӀо араболура биъ некъ, хӀоранна а цӀе йара иза боьдучу провинцин санна.

Инкий импери кхиар (1438–1533)
Сарьменто де Гамбоа, Манко Капак[3].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Синчи Рокка, Льоки Юпанки, Майта Капак, Капак Юпанки[4].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Инка Рокка, Титу Куси Вальпа, Виракоча, Пачакути[5].
Сарьменто де Гамбоа, Инкийн силсил. Пачакути, Тупак Инка Юпанки, Вайна Капак, Васкар, Атавальпа[6].

Импери кхоллайалар а, кхиар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Инкел хьалхара Андийн цивилизацеш, 14 бӀешо

Андийн областехь а, цуьнца йолу бердйист а вайн эрал хьалхара 1 эз. — вайн эрин 1 эз. шарахь кхоллайелира кхиина йаьлла латта лелон цивилизацеш: Чавин, Паракас, Наска, Мочика, Тиауанако, кхин а. XII бӀешарахь Титикака Ӏоман бердаш тӀехь гучуйдолу къам, цуьнан куьйгаллехь ву Инка — лакхара урхалча. Иза кхелха керла коьртачу шахьре — Куско, шен Ӏаткъам баржабо боккхачу махкахь (Л. Е. Гринина гайтарехь, XV бӀешеран шолгӀачу декъехь дерриг 30 шарахь Инкийн пачхьалкхан майда бӀенашкахь совйаьлла[11]), XVXVI бӀешерашкахь цуо дӀалоцура хӀокху заманан Эквадоран, Перун, Боливин, [[Чили]н], кхи а Колумбин а, Аргентинин а кегийра кӀошташ.

Пачхьалкх кхоллар тӀейаздо туьйра хиллачу Инкина Манко Капакана[12], цуо йиллина коьрта гӀалаКуско[13], 3416 метр хӀордан тӀегӀанал лакхахь, шина ламанан дукъан йуккъера кӀорга Ӏин чохь.

Кхоьллинчул тӀаьхьа мохк гуттаренна шорлорабашха шорлора, Инка Яуар Уакакас имперехь гуттаренна эскар дича. Даккхий мехкаш даьхна Инка Пачакутис. Цуо кхоьллина хила ма-йеззара импери, ткъа цул хьалха инкаш индахойн дуккха а тайпанех цхьаъ бен дацара, ткъа Куско — кхечарех терра гӀала бен йацара. Инкашна куьйгакӀелара дукхаха долу латтанаш даьхнера Пачакутис а, цуьнан кӀанта Тупак Инка Юпанкис. Мехкан жима дакъа тӀетоьхна цхьатталгӀачу ИнкасаУайна Капака. Урхалчаш Уаскар а, Атауальпа а Уайна Капакан кӀентий бара. Иза веллачул тӀаьхьа цара болийра массо а хӀиттийна шайна йукъара тӀом. Испанхой баьхкинчу хенахь тӀемехь толамхо хилира Атауальпа. Амма цуо дукха ца лелийра шен толаман стоьмаш, хӀунда аьлча вожийна вийра испанхоша, цара чаккхенца хӀаллакйира инкийн импери.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Хуан де Лисарасу. Сообщения, сделанные Доном Хуаном де Лисарасу об открытии Мохос, 1636 год. Kuprienko.info (2009 шеран 6 декабрь). — Отрывки о легендарном Пайтити (пер. В. В. Тюленева, 2008). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 6 декабрь. Архивйина 2012 шеран 22 июнехь
  2. Деметрио Тупак Юпанки. Учебник мотта кечуа: пункт. 3.10. (пер. А.Скромницкий, 2007, Киев). Архивйина 2012 шеран 11 июлехь
  3. Источники инков, 2013, с. 355.
  4. Источники инков, 2013, с. 356.
  5. Источники инков, 2013, с. 357.
  6. Источники инков, 2013, с. 358.
  7. Cabello Valboa, Miguel. Miscelánea antártica. Una historia del Perú antiguo. — Lima: Universidad nacional mayor de San Marcos. UNMSM, Instituto de etnología, 1951. — p. 422—423.
  8. Педро Санчо «Доклад о распределении выкупа Атауальпы». 18 июня 1533 г. Архивйина 2012 шеран 10 июлехь (ингалс.)
  9. Memoria Chilena — Documentos. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 15 июнь. Архивйина 2008 шеран 11 октябрехь
  10. Исторический доклад о ходе событий восстания Хосе Габриеля Тупак-Амару в провинциях Перу 1780 года. Архивйина 2012 шеран 9 июлехь (испан.)
  11. Раннее государство, его альтернативы и аналоги. Волгоград, 2006. С. 134.
  12. Сьеса де Леон, Педро. Хроника Перу. Часть Вторая: Владычество Инков. Главы VI—VIII
  13. Pedro Sarmiento de Gamboa. Historia de los Incas. Madrid 2007, стр. 54-64

Охьадалораш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]